Зелимха ловзарга кхачар.
Главная » Статьи » Творчество » Проза [ Добавить статью ]

Зелимха ловзарга кхачар.
Хилларш а, лелларш а. Адамаша дуьйцу.
 
    Лекхачу ламанан юьртахь—Шуьйтахь — ехаш хилла цхьа йо1, шен нийсархойх хазаллица, г1иллакхаца, оьздачу тайпанца, къоначу вежаршца къаьсташ. Мичча меттехь — Нохчмахкахь — ловзар хилча, цунна т1аьхьа иза ловзарга йига йоуьйтуш хилла кечйин  пайто: гонд1а 61о болуш, локхуш пондар а, тухуш вота а йолуш,  кхуьйсуш герз а долуш юссуш хилла иза ловзар га. Къеггина кхетта малх а болуш, цхьана хазчу 1уьйранца исбаьхьа кечйина пайто кхаьчна йо1 ехачу х1усаме. И пайто яийтинарг хилла шен хьолаца, таронашца, олаллица Нохчмахкахь г1араваьлла волу хьолахо Тапа Чермоев.

    Пайто арахь лаьтта дукха хан яцара ловзарга йига йо1 ара йоккхуш. Цуьнан юьхь-сибате    леррина    хьаьжча, кхоламе марха гора иоь-1ан хазачу б1аьргаш чохь, к1алура 1аьржа ч1аба наггахь хьокхучу мохо  ловзайора, 1аьржа б1аьргаш лаьтта хьежош, хетачу иэхьо бос лепош, дашочу варкъаца кхелииа г1абали куьйга лоьцуш, пайто т1е хиира йо1. Хьарг1а санна 1аьржачу говраш т1ехь, гонд1а б1о болуш, локху чу пондарца, тухучу вотанца кхечира замой Теркайистерчу ловзарга. Ловзаргахь инарла хиъна Тапа Чермоев вара, шена гонд1а эскаран б1о а болуш. Кхаьршиннан юкъаметтиг хууш бара цу ловзаргахь болу дукхахберш. Оццул к1орге баьлла бара цаьршиннан безам, иштта х1ара шиъ вовшахкхетар дуьххьара а  дацара.

    Ловзар юккъе даьллачу хенахь кху ловзарга йоьссира туьйранашкахь  буьйцучу мехкарех, инзаре хазчу куьцехь х1ириин къоман цхьа хьаша. Ловзарга баьхкина болу кегий нах цуьнга хьаьжначохь бисинера : инарлин б1аьрго а лаьцнера йоь1ан хазалла. Кхузахь ша дог доху йо1 йицйина, оццул гена баьлла болу шаьшшиннан безам а бицбина, х1ирийн йо1аца сакъера волавелира Тапа Чермоев. И хааделла стиглахь ю - те ша, я лаьттахь ю-те ша, я х1ара лекха лаьмнаш д1ашарлуш ду-те, я сийна стигал т1екхеташ ю-те, бохуш, ойланаш еш, лаьтта хьожу 1аьржа ши б1аьрг хьала хьажо йиш йоцуш, юьхь1аьржа х1оьттина 1ара Чермоевс хьалха сакъоьруш хилла   йо1.
 
    Малх делкъал т1ехьа баьлла хан хилла иза, т1етаь11ина д1адоьдуш ловзар а долуш. Цхьа йо1 йоцург самукъадаьлла бу берриш   а. Эццехь расхачу динахь, сийна ши б1аьрг а болуш, т1е-дуьйхина чергазийн 1аьр жа верта, яьлла морса 1аьржа маж-мекх, т1еюьйхина беркъа бедар а йолуш цхьа бере ма кхаьч на кху ловзарга. Хьошаллин хан чекхъяьлла хелхаран бал баккха юккъе ваьккхина и бере. Шена биичу тешна бехко 1адийна лаьттачу йо1а деле дехна, ща цуьнца хелха ялар нисдахьара, аьлла. Хелхаран болан цхьа го а баьхьна, шолг1а го боккхуш волчу берено, йо1ана хьалха бухь а боьг1на, шеца хел ха яла кхайкхина. Цхьа го а баьхьна, шолг1ачу гонехь лере т1аь1на, хьеше йист хилла йо1. Тахана санна юьхь1аьр--жа х1оьттина де дацара шен, шена вошалла а, накъосталла а дахьара ахь. Нагахь хьайгахь герз делахь, инарлина уллохь герз кхоссахьара, аьлла. Йо1ана хилла ца-там гуш волу бере хелхаран бал боккхуш инарлина улло кхаьчча ц1еххьана вертана бухара герз дийла доладелла инарлина хьалха ченан к1ур а г1аттош. Инарлина гоннд1ара б1о тохабелла: инзаре тамашийна х1ума дара паччахьан метта волчу инарлин когашкахь герз кхосса вахьар. Хьалаиккхинчу инарлас ловзар сацийна. Куьйгаш герза т1е дохкуш, юха схьадохуш хьий зара иза. Т1аьххьара а а къамеле ваьлла Тапа Чермоев.

    - Деллахьа, цхьа 1овдал ламанхо, цхьана ломан ч1оьжара схьаваьлла бежа1у хир ву-кха хьо ша цавевзаш кхоьсина хир ду-кха ахьа и герз сан когашкахь. Х1ара нах тешаш а болуш, ша коча хеча а хьарчийна, д1ахьажор ву хьо. Тапас, т1аъххьара а аьлла дешнаш шен лере кхаьчча, беречун дог вертана бухахь тохалуш санна хийтира, цуьнан б1аьргаш майраллица парг1ат хьоьжура, цуьнан 1аьржа верта шорлуш, белшаш стамлуш хаалора.

    «Ахь вуьцу 1овдал ламанхо лаьмнийн ч1оьжара схьаваьлла обарг, хорачойн  Зелимха ву-кха!», — аьлла, шен 1аьржачу, дехачу вертанан га д1атесира Зелимхас, вертана бухара гучаделира уггаре а тоьлла герз. Зелимха ц1е яьккхича, эскаран б1о ша болчуьра юхабелира. 1аь лекъча санна, вистхилар доьхна 1ара инарла а. «Лаьмнийн некъаш  хедачохь вовшахкхетар нислур ду вайн»,—аьлла, шен 1аьржачу расхачу дина яйн шед хьакхош, ламанан аьрзу санна, чергазийн 1аьржа верта мохо ловзош, лома т1ехьа д1авай
ра обарг Зелимха.
 
Д.  АХМАДОВ, Махкат1ерчу культуран ц1ийнан  директор
Колхозан дахар 12.08.89
Категория: Проза | Добавил: kav-kaz (31.01.2011)
Просмотров: 1694 | Теги: проза, Проза на чеченском языке | Рейтинг: 2.0/1
Всего комментариев: 0
avatar