Зеламхин совг1ат. (Дийцар)
Главная » Статьи » Творчество » Проза [ Добавить статью ]

Зеламхин совг1ат. (Дийцар)
Иза дара 1983-чу шеран сентябрь бутт бовш. Х1етахь Грозный г1алин № 4 йолчу больницехь хирурган болх беш вара со. Пациенташ т1еэца т1аьхьа ца виса г1ерташ, сихачу боларехь вог1ура со тхешан поликлинике. Амма оцу дийнахь хирургически отделенехь вуьштачул а дукхах операцеш еш хиларна, г1еххьачул хьевала-м дийзира.
 
    Эххар а, шолг1ачу этажа т1eхьалаваьлча,  дуккха а адамаш гира сайн кабинетана хьалха гулделла. Бехк ца биллар а дехна, чоьхьавала воьллачу сан шашах тидам т1ебахара цу сени чуьрчу сонехь г1ийла 1ачу, оьздачу битамехь йолчу цхьана йоккхачу стагана. Г1ента т1e букар а яхана, жима бер санна шен цомгаш куьг «хьоьстуш» 1аш яра иза. Т1аккха т1е а вахана, могаш-парг1ат а хаьттина, ас суо вовзийтича, суна дуьхьал дег1 нисдеш хьала айаелира важа.
- Баба, х1ун ду хилларг? - хаьттира ас.- Уьйт1ахь охьа а кхетта, ангалица куьг хадийна-кх ас, сан к1ант. - жоп хезира.- Х1инцца дукх со сихачу г1оьнан машинахь кхуза схьаялийна. Дуьненан баркалла хуьлда царна! - Ялол соьца кабинета! - Собар дер ас, сол хьалха баьхкинарш а бу дуккха а. Бег1ийла ца хета...
 
    Ас ша йиттане а ца юьтийла хиъча, ца яьлла кабинета чу еара иза. Кхуззахь карти т1ехь оьшуш доллу йоза дира ас, иза регистратуре д1а ца хьежорхьама. Цу т1е, хене яхана къано а хиллера иза, доьзткъе кхоъ шо а долуш.
Т1аьхьо ма-хаъара, ч1ог1а дог доьхна а хиллера и сан йоккха стаг: мухха делахь а, цхьамма-м, рог1ехь 1аш долуш, даррехь къадийна хиллер-кха стаг воккха мел хили а, цуьнан чов хена-заманчохь атта йоьрзуш цахилар...
Оха сихха операци ечу чу а йигина, шех иштта олуш долу, лазор ца хьаадолуьйтуш болу маха а тоьхна, д1атийгира бабин чов. Иза юьхьа т1ехь доза доццуш серлаелира, кхин цхьа к1ира даьлча мехийн тайш д1а а дохур ду, чов д1а а йоьрзур ю, ас аьлча. Тхуна массарна а юх-юха баркаллаш кхайкхош а яьллира. Helape кхаччалц д1а а кхетийна, ас дийхира, кхид1а йолчу хенахь a poг1e хьоьжуш еха ца 1архьама, чов керл-керла д1аехкийтарна даима а цхьана хеннахь яг1ахьара аьлла.
 
    Ур-атталла оцу довзаран йоццачу хенахь а б1аьрла хааделира иза х1ума т1ехдика дагахь лаьтташ хилар. Къамелана а т1ера яра, болар а дара, шен хене хьаьжча, боккъаллла а каде.Иштта, тхо долчу кест-кеста йог1ура и йоккха стаг, амма цкъа а чоьхьа ер яцара, мел жимий-воккхий чохь мел ву а, я цхьамма чу ца ялаяхь а.Мухха а, цомгашнаш к1езгах нисбеллачу дийнахь, ас ларамаза хаьттира цуьнга, Грознехь хилла б1едийнан т1емаш дагабог1ий хьуна, аьлла. Дага-м муххале а дог1ура, ур-атталла, ц1ечу б1аьхошна г1о дина а хиллера, ткъа, жимах волу ваша оццу т1емийн дакъалацархо хилла а волуш.
 
    Эххар а, со волчу т1аьххьара еана йолуш, цу къаночо ц1еххьана элира: - Ткъа хаьий хьуна, лор, Зеламха мел нийсо езаш а, догдика а стаг хилла? - Ц1арна а ц1еяхана хилла волу обарг вуй ахь вуьйцург?- цецвелира со. - Ву-те. Суна билггал вевзаш хилла ву иза, я и ца хилехьара сой, наний, сан жимах волу ваший, схьахетарехь, мацалла делла а хир дара.
 
    Т1аккха, оцу хьокъехь дийцахьара аьлла, дехар дира ас. Х1инца ас дало долу дийцар а ду-кх цуьнгара хезнарг: «Ц1ера Воздвиженскера ю со, йина 1837-чу шарахь къехочун-г1глаг1азакхичун Емельян Коломейцан доьзалехь. Сан да х1аллакьхилира 1904-чу шарахь оьрсийн - японхойн т1амехь. Нанна хьалха тхо шиъ дисира: со а, диъ шо бен кхачаза волу жима ваша а. Мухха а хене довлархьама хьал долчу г1алаг1азакхашна хьалха ялхолла лело дийзира.
Х1инца со дийца йоллург ду 1911-чу шеран май бутт бовш хилларг. Станицал арахьа, урчакхна т1е хьовззол ала йиш йолуш, лаьттан цхьа жима дакъа дара тхан, амма цу т1ехь охуна дан а таро яцара. Меттигерчу бахархоша-м тоххарехь чекхдаьккхинера б1аьстенан xly д1адер, дуьххьал-д1а сой, наний йисинер-кха эшамехь. Т1аьххьара а, дуккхазза а дехарш динчул т1аь-хьа, лулахочо тхойшинга елира 1acnap-говр а, д1акхосса бен пайдехь йоцу гота а. Тхойшиъ бен кхин цхьа а вацара аренгахь. Делкъахан хиллалц йолчу юкъана, иштта ала йиш елахь, куьйган кераюккъал меттиг а яцар-кха оха аьхнерг. Халла бен ког меттах ца боккхура 1acnapo, т1аьххьара а ласта а лестина, хорша чу охьаюьйжира иза.
 
    Хьалаг1атто а мел г1иртира тхо, амма г1уллакх ца хуьлура. Дег1ера ницкъ а кхачийна, елхарчу яхара сан нана. Цунна т1аьххье со а. Мел хан юкъаюьйлира хаац, амма некъан геналлехь гучувелира юххе тесна ялош говр а йолуш, т1ехь верта а долуш волу цхьа бере. Сихха, хаьхкина т1е а веана, тхоьга маршалла хаьттира цо. До1ахан басахь йолчу говрахь lapa иза, вертанна к1елара схьагуш яра топ. Ша-м ч1арх-аьлла а, ойланей, лериний хьежар долуш а вара. Цуьнан динна юххехь лаьттара тоьллачу дег1ахь сира говр. П1елган эшарехь т1е а кхайкхина, сирачу говран архаш схьа а кховдош, дошлочо элира: «Д1алацал, диканна лелайойла аш х1ара!». Кхераеллачу сан нанас, бур-бур даран хьесапехь хазийра: «Къола дина, аьлла бехк хьаьрчар бу тхох станицехь, т1аккха пурстоьпо чудухкур ду». Зеламхас, иза хила а хиллера иза, элира: «Сан йиша, лакхарчуьнга д1ахаийта ахь, хьуна xlapa совг1ат динарг Зеламха ша вара, алий, т1аккха декъаза ву-кх хьуна иза а, пурстоп а шух куьг 1оттахъ! Шен хьешашна халахетар дер могуьйтур долуш ма вац Зеламха». Т1аккха, нанна гергахьо т1е а веана, цуьнан куьйгашка аьчган ахча охьа а духкуш дерзийра: «Д1аэца, хьуна алсамха оьшуш ма ду x1apa!».
 
    Г1оза-маьрша охуна чекх а даьккхина, суьйренца ненаца цхьаьна станице юхайирзира тхойшиъ, юххе лаьцна ши говр а ялош.Чукхаьчна минот а яьллий-те аьлла йолчу юкъана, дукха кадечу боларехь веана схьа а кхаьчна, оцу сахьта говран коча вахара станицера тхьамда. «Стенгара яьлла, хьенан ю xlapa?» Нанас ма-дарра дийцира тхоьца нисделларг: ц1еяххана вевзаш волчу обарга Зеламхас и говр совг1атана яларх лаьцна, xlopa дош а лерина лар-дарца д1а а туьйхира цо даийтина долу кост. Т1аккха ц1ех-хьана масмалик хилла хийцавелира тхьамда, корта беттара Зеламхига шех лаьцна х1умма а вониг ца алар доьхуш. Кестта ерриге а станица ала йиш йолуш, хьаьжна чекхъели-ра обарган совг1ате.
 
    Х1етахь дуьйна хьаькамаша цхьана а х1уманна т1ехь кхин г1ело яр доцуш, тоьлашха д1адахара тхан дахар. Ницкъ болуш а, балхана хьуьнаре а яра и говр. Зеламхина дика бевзаш хиллера ахархочун хала къинхьегам а, къехочунна кхочу миска дакъа а. Цундела уьш дукха а безара, церан лерам а бора Зеламхас. Догдика стаг вара иза!».Оцу т1ехь дерзийра шен дийцар тхан пациенткас. Г1ех-хьачул 1ийра тхо тийналлехь, шен т1аьххьерчу серлонца сегара и гуьйренан суьйре, горга б1аьрхиш ледара йоккхачу стеган хебаречу юьхьа т1ехь, лохха синош а дохуш, шен цхьацца ойланаш йора цо.
 
    Даггарчу довхачу дешнашца тхан 1одика а йина, д1аяхара иза. Цул т1аьхьа, мел халахеташ делахь а, суна кхин гина а яц. Х1етахь-м суна дагахь а ма дацарий айса и къамел дийцаран кепе доккхург хилар. Ткъа х1инца оцунна сан ойла самаяьккхниарг ву оцу исторически бакъдолчух лаьцна ас шена дийцина волу сан цхьа дика накъост...
 
Гочдинарг - А. Алиев
Категория: Проза | Добавил: kav-kaz (31.01.2011)
Просмотров: 1475 | Теги: проза, Проза на чеченском языке | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar