Сатийсар
Главная » Статьи » Творчество » Проза [ Добавить статью ]

Сатийсар
   Цхьана юьртахь ехаш йолчу цхьана йо1ана т1ехьийзаш цу юьртара бехачу нехан цхьа к1ант хилла. Ткъа х1ара йо1 г1ийлачу ден-ненан хилла. Ша вехаш хиларе терра, йо1ана даккхий хабарш дуьйцуш хилла к1анта.

    Цхьана дийнахь юртахь доккха ловзар хилла, цу ловзаргахь йоь1ан т1ехьийзаш волчу к1анта кхунна уллехь 1ачу йо1е сакъера аьлла хабар даитина. Ша лаьттахь ю, стиглахь ю ца хууш 1аш хилла йо1, шен нийсархошна хьалха юьхь1аьржа а х1оьттина.

    Иштта х1ара холчахь 1ача хенахь, дихьа сонехь 1аш волчу цхьана къонахчо т1е хабар даийтина кхунна. Иза хилла цхьа беркъа х1ума т1ейоьхна, деха 1аьржа верта а доьхна. Самукъадаьлла йо1ан.Ша халхаволуш ца хилла и къонах, делахь кхечаьрга йоккхуьйтуш хилла. Йо1 хелха моссаза йолу, тапча кхуссуш хилла къонахчо. Иштта яьлла дикка хан. Ша куралла йиначу йо1ана оцул сий дан ваьхьнарг мила ву хаа лиинчу вехачу к1анта аьлла:
- Ма кхисса и тапчанаш, кхин и кхоьссинчуьнан соьца г1уллакх хир ду, кхузахь бераш а ду.
 
    Т1аккха а йо1 хелхайолуш къонахчо тапча къоьссина. Хьалаиккхина чухьаьдда вехаш волу к1ант. Г1овг1анаш ца езаш волчу къонахчо аьлла:
- Х1инца кхуза 1едалах стаг кхача мега, цундела со д1а ца вахча ца волу, хьоьца дерг вайша къастор ду нах боццучохь, гур ву вайша!"
 
    Т1аккха йо1анна т1е а вахана. аьлла цо:
- Со юха вог1ур ву хьуна, маре ма г1олахь, со Зеламха ву хьуна Харачуьра.
 
    Изза дешнаш а аьлла, говра т1е а хиина, д1авахана къонах. Ехха лаьттина йо1, 1адийча санна. Ткъа Зеламха боху ц1е ма-хеззина, бос хийцабелла вехачу к1ентан.Дукха хан яьлла цул т1ехьа. Б1е сов шо а кхаьчна цу йоь1ан, кхин маре ца йоьдуш. Ша маре ца яхарх иштта дуьйцу бахара цу йо1а: оццул юхь1аьржа х1оьттина, ша дог доьхна 1ача минотехь, цо шен к1айн йина юьхь, цо шен дина сий диц ца луш, иза вог1а ларвеш 1ийна ша. Оццул шераш д1аэхарх, иза вог1ар вац аьлла дага ца деана шена.
Категория: Проза | Добавил: kav-kaz (31.01.2011)
Просмотров: 1335 | Теги: проза, Проза на чеченском языке | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar