Обарган йийсархо (дийцар).
Главная » Статьи » Творчество » Проза [ Добавить статью ]

Обарган йийсархо (дийцар).
Иза хилира 191О чу шеран сентябрехь...Подполковника Вербицкийс та1зарш даран шен отряде приказ делира:

- Дийна я велла схьалаца обарг Зеламха, яьшки чохь Владикавказе а кхачаве.
Цо хьалхах1оттийра обарган корта беанчунна итт эзар сом ахча а, лаьттан участок а лург хиллар хоуьйтуш йолу листовкаш гlaлахь дукха адамаш хуьлучу меттигашкахь хьалаохкар. Царна т1ехь кхин д1а бохуш дара Зеламха шена, подлолковникана, дуьхьал нисваларх кхоьруш волу «курхалча а, к1илло а» хилар..» Дукха хан ялале Зеламхе Вербицкийгара кехат деара:«Нагахь санна хьо боьрша а велахь, ахьа лелош ерг зударийниг а йоцуш, божарийн хеча а елахь, т1аккха дуьхь - дуьхьал а х1оьттина лата веза вайша. Со а санна, хьуо цхьаъ вола лата йиллинчу метте.Хьанал летар ву вай шиъ.
 
    Оьздачу обарга лета меттиг билгалъяьккира - Ведана эвлана юххехь йолу майда. Иза цига веара билгалйинчу хенахь .... к1елонна т1e а нисвелира иза. Каде, ницкь болуш, хьекъал долуш, меттиг дика евзаш хиларо rlo дира майрачу обаргана к1елхьаравала. Оцу дийнахь дуьйна Вербицкийн кхоллам хьалххе къастийна билгалбина бара...
 
    Цкьа Владикавказера, Зеламха волчу веара геланча:- Ши де даьлча Вербицкий Тифлисе воьдуш ву!- Дика кхаь бу! Ма дика кхаъ бу иза... Иза муха хиира хьуна!
 
    Адъютанта цунна ийцира новкъа ша лелаш йолчу машинна т1ехь ваха билет. Зеламхас кьастийра тешаме итт накъост, оццу суьйранна лаьмнийн г1ашлойн некъашкахула иза д1авахара г1овг1анца Терк хи охьадог!учу а, хьийзаш Т1еман , Гру-зински некъ д1абоьдучу а 1ин чу...
 
    Владикавказехь разгонни стан-и. Дуккха а итт шераш дара х1ора 1уьйранна пачхьалкхан почта а, пассажирашца цхьаьна экипаж а кхузара д1а Тифлисе яха новкъа юьйлу. Кхуза Гуьржехара кхочура некъашдархой, кхузара д1а ц1ерпоштан некъа т1ехула России ерриге а маь1игашка кхин д1а а д1абахьархьама. Б1аьста цу новкъа д1асхьалелар алсамделира - юкъадалийра Тифлисаний, Вла-кавказаний юккъехь шен-шен хенахь автомобилаш д1асхьалелар.
 
    Хьалххе сентябрьски 1уьйранна, маьлхан хьалхара з1аьнарш ло т1ехь долчу паьмнийн баххьашна т1е юьйшшушехь, ткъа арара фонараш д1а а яйина, дворникаш сих ца луш некьаш-ка девзиг хьакха буьйлалушшехь, разгонни станцехь гучудевлира адамаш.Цкъа хьалха Тифлисе новкъа яьккхира еза почта а, пассажирски карета а, ткъа цул т1аьхьа каде кегий нах автомобиль новкъа ялийта кечъян буьй-лабелира. Массарел а хьалха машина юххехь д1асхьийза йола елира кьорза кучамаш юьйхина йолу ши йо1. Царна rlo деш вара клеткаш йолу пиджак т1еюьйхина а, чертан куй тиллина а волу цхьа кхечу махкара стаг. Цо юх-юха бохура:
- Господин шофер, со Берлинера Лео Буш ву, аса ч1ог1а доьху тхан кофр 1алашъяр. И циркан х1уманаш боккхачу механ ю... Ткъа мехкарий сан ассистенташ бу.
 
    Къона гуьржи, чаг1аран фирмин агент, кхуззахь йоккха чамда схьа а йиллина, боккхачу лаамца шайн предприятин образецаш гойтуш вара. Доккха дег1 долу мозг1ар а, иштта доккха дег1 долу цуьнан зуда а каралоцучу даккхийчу т1оьрмигашна юххехь цхьаь деш бара.
 
    Т1аьххьара а, т1оркаэаш, ларчаш, г1утакхаш, чамданаш д1а а нисйина, царна т1ехула бризент тесира, машинна т1ехула даржийра гата, пассажираш шайн меттигашкахь дика д1анисбелира, кхузахь бипгалделира цхьа меттиг парг1ат хилар. Мозг1аран зуда текьамаш бан йолаелира:- Ва, дела, х1инца хьежа деза-кх!
 
    Т1ехь къорза кучамаш йолу мехкарий вовшашка хьаьвсира:- Хаза дац эрна хан йойуш юкъаралла 1аяр! Эхь ца хета царна!Ура-атталла йист, ца хуьлуш 1аш йолчу карахь к1еза долчу зудчуьн-га а са ца тохаделира:- Д1адаха деза.
 
    Ткъа мозг1ара, киснара схьадаьккхина дашочу сахьта т1e a хьаьжна, элира: - Са ма гатде, господаш, 7 сахьт дала х1инца а ши минот ю.. Оцу хенахь цхьана сонера гучуелира шарбан. Хьалха 1ачо машинна юххехь ц1еххьана совцийра говраш. Экипажа т1ера вайн охьавоьссира новкъа волуш юху плаш т1ехь йолу а, шляпа-котелок тиллина волу а борша стаг. Цуьнан цхьана буйнахь яра дате чхьонкар йолу боллан дечиган еза г1аж, ткъа вукху буйнахь - мокха каранаш. Т1ехьаьжча, цуьнан шовзткъа шо ду эр дара, ц1енна юьхь-маж яьшна, сийна баккхий б1аьргаш, хьаьрса месаш йолуш вара иза. Лекхачу дег1ахь волу иза лела хууш, хаза куц долуш вара. Маршалла хоттуш массаьрга а корта а та1ийна, вевзаш воцу стаг машинна т1е хиира. Мехкарий вовшашка шабар-шибар дан буьйлабелира:" Аса боху хьоьга иза и ву... "Некьбар д1адоладелира.
 
    Де малх хьаьжна а, довха а дара, машина сихха д1айоьдура. Т1улган новкъахь башха д1асхьа ца веттара. Владикавказ д1айоллушехь, некъ 1ин чу бирзира. Цхьанхьа генна лахахь г1овг1а еш дара к1айн чопа йоху хи.Мотор вон г1овг1а еш а, ледара д1аузуш а яра ирхонах хьалайолучу хенахь. Пассажираш исбаьхьа хазачу акхачу 1аламах цец-буьйлуш, бист ца хуьлуш 1apa. Ц1еххьана карахь к1еза долчу зудчуьнга мохь белира: - Вай, мила ву иза! Боккхачу т1улган берда т1ехьхула схьалилхира дошлой. Герз делира. Т1улгаш эгна некъ д1абуькъначохь шофера сацийра машина. Обаргаша го лецира машинна. 1аьржа мекхаш долчу цхьана хазачу стага приказ делира:- Охьадисса!
 
    Массарел а хьалха охьавоьссира мрзг1ар.Дегочу куьйгаца цо киснара схьадаьккхира сахьт а, бумаьштиг а, цхьа кехаташ а. 1аьржа мекхаш дерг велавелира. - Хьан деши а, ахча а тхуна оьшуш дац.
 
    Иза а хезна, карахь к1еза долу зуда доккха са а даьккхина, кхераелла кхетамчуьра яьлла охьаюьйжира. К1еза новкъа охьа а доьжна, ц1ийзаш, д1адедира. Кхраелла зуда меттаялочу хенахь ши йо1 дошлочунна т1e а яхана, вовшийн юкъах а йохуш, лен йолаелира:- Господин Зеламха, иза оьзда ма дац!
- Шун бакъо яц!
- Оха арз дийр ду!
Хазачу дошлочо белшаш сат-тийра: - Со Зеламха вац. Сан ц1е То-маев Аюб ю. - Цо шедан мукъ хьажийра мозг1арна а, цуьнан зудчунна а т1е. - Шу кхузахь 1е. Ткъа вуьш суна т1аьхьах1итта..
 
    Б1е г1улч гена бевлча, бердана т1ехьа, йийсархошна гира латийна ц1е. Цунна гонаха вертакашка т1ехь 1аш бара ламанхой. Ирахь лаьтташ лекхо, элдара дег1 долу, холхозан куй тиллина а, 1аьржа-мокха г1овтал юьйхина а, юкьах йихкина шаьлта йолу а цхьа стаг бен вацара. 1аьржа баккхий б1аьргаш а, к1ора санна 1аьржа маж а йолуш йолу ехо юьхь буьрса яра. Иза хьожуш чекхвелира массо а йийсархошка, т1аьххьае а цуьнан буьрса хьажар сецира шляпа тиллина волчу боршачу стегана т1ехь: - Подполковник Вербицкий, со Зеламха ву. Шу массо а машинна т1ехь тоьпаш йиттина дайа йиш яра тхан, амма оха иза ца дира. Хьаналчу т1амехь сох лата лууш вара хьо. Xlapa шаьлта ю хьуна. Зударшка т1ехьа ма лечкъа. Схьа а валий, лата...
 
    Боршачу стага вела а велла, куьйгаш д1асхьа тесира: - Г1араваьлла волчу Зеламхина вас ца йича ца волу со. Цунна ган лууш волчу подполковникаца цхьа а х!ума дог1уш вац со.- Ткъа мила ву хьо! - оьг1аз-вахара Зеламха. - Сан ц1аро хьуна хумма а г1оле йийр яц. Со Федор Шаляпин.., Иллиалархо а, артист а Федор Шаляпин ву.
 
    Мехкарий меттахбевлира. Анета тамаша барца шен доттаг1чуьнга элира:
- Аса ца злира хьоьга! Эх1, ма тамашина цхьаьнакхетар ду! Хьажахьа, Зеламха а, Шаляпин а...
 
    Обарга хьалхахьа цхьа г1улч а яьккхина, парг1ат элира:Шаляпинан ц1е суна евзаш ю. Цунах лаьцна суна хезнера со Грознехь набахти чохь воллучу хенахь. Соьца вара оьрсийн цхьа дика стаг. Цо дуккха а дийцира Шаляпинах лаьцна а, Степан Разинах лаьцна а, Горькийх лаьцна а. Волгех лаьцна иллеш олура цо. Тхан халкъалахь а иштта дукха деза иллеш, ткъа иллиалархой пара а лору, 1алаш а бо. Нагахь санна хьо иллиалархо велахь,оха
хьуна халахетар дийр дац. Охьахаа, илли ала...
 
    Обарга боккхачу чхар т1е карта а тесна, куьг ластийна Шаляпине гайтира иза. Говрахь т1евеара дошло, карахь вортанна т1ера лаьцна ц1ийзаш к1еза а долуш, иза Зепамхига д1акховдийра цо: -Жима делахь а, вон лоцуш ду xlapa. Д1аэцаг доттаг1.
 
    Вела а велла, Зеламхас ч1ог!а лерина к1езака т1ехьарчийра шен г1овталан т1ам, цул т1аьхьа д1а-йовш йолчу ц1ера юххе хиира иза. Шаляпин а иштта охьахиира, лак кха стиглахь г1овг1a еш долчу аьрзунашка цхьана минотехь ла а доьг!на, аз лаг1дина илли ала во лавелира иза. Цуьнан зуда езаел ла эла цуьнан зудчух дуккха деши дала г1ерташ хиллачу хьуь наречу беречух, къечу, курачу кьонахалла йолчу Хазбулатах лаьцна шира илли дара иза. Шаляпинан аз шуьйра, парг1ат декаш дара. Цуьнгахь цкъа хезира даха рал а еза йолу ира, кхочушхила-за йолу ойла, нагахь санна дерри re а эшош йолу и ойла стеган коьрте еача, иза кийча ву ше корта баккхийтина а, амма ша дан дагалаьцначуьнга кхача; т!аккха иза ч1ог1а сингаттаме долург сихха д1аоьхучу деношкахь буха х1ума ца дуьсуш ешна д1аяьлла къоналла дагалоьцуш; т1аккха иза г1айг!анашка долура, цуьнан аз лаьмнашна юккьехула д1аоьхура шийлачу хин г1овг1анах а, яьгна йолуш йолу ц1е лелхарх а д1а-уьйш.Аса цуьнан б1аьргаш д1акьев-лира,
 
    Б1аьргаш хих буьзна болуш, Аса барт баккхар сецира Цуьнан балдаш дашош. Зеламха ладуг1уш вара, илли-алархочун юьхьа тlepa б1аьрг д1а ца боккхуш. Иза верриге а хьал-хахьа д1акхевдина вара, цхьа а дош т1ех ца тилийта г1ертара иза. Цул т!аьха цуьнан корта некха т1e охьабеара, г1араваьлла волчу обарга куьйгаца д1акъевлира шен хьаж а, б1аьргаш а. Т1аьххьара а сецира иллин чаккхенан аз. Ла-дуг1уш берш тийна лаьтташ бара. Массо а бист ца хуьлуш тийна лаьттара, Зеламха хьалаг1аьттира, иза вехха лаьтира деелкъанга баьлла малх шена т1ехь къегачу генарчу шага хьоьжуш. Цул т1аь-хьа Шаляпинехьа а вирзина, цо меллаша элира: - Набахти чохь оьрсичо со 1ехийна ца хилла. Ахьа илли дика олу. Эх!, ма дика олу ахьа иза! Тахана тхоьгара жимма г1алат даьлла. Тхо 1аьржа къиг лаца rlep-таш дара, ткъа схьалзьцнарг йиш локху олхазар ду.. Адамашна ир-сан хьокьехь иллеш бахархьама, парг1ат лела декхарийлахь ву хьо. И ирс тхан доцуш ду. Сан а яц веза хьаша эца ма-веззара т1е-эца таро. 1одика йойла хьан, некъ дика хуьлда хьан, ткъа тхуна къинт1еравала...
 
    Хиллачух кхеташ боцу цецбевл-ла некъахой машинна т1e баха сихбелира. Зеламхас цхьана ми-нотана сацийра Шаляпин; - Доттаг!, собар дехьа... Ахьа, Федор, илли элира, ткъа суна да-гаеара сайн зуда а, бераш а. Сан ура-атталла б1абргаш а 1ийжа дуьйладелла. Боьрша стаг иштта дог-к1еда хилар дика дац. Шай-наш болчу вахача, илли аьлча, Зеламха воьлхуш хьайна гина мА алалахь. Вон адамаш кхетар дац, сох к1илло хилла моьттур ду царна. Доьху аса ца дийцар. - 1одика еш, Шаляпинан жимма сийно болчу б1аьргашна чу хьаьжира иза. - Х!ан-х!а, цкъа а цхьаьнгга а эр дац аса. Тешалахь сох, - дог меттах даларца жоп делира ил-лиалархочо.
 
(1973-чу шеран 16-чу мартехь арадаьллачу «Кабардино-Балкарская правда» газета т1ера).
 
 
1.04.1978 Ленин некъ
Категория: Проза | Добавил: kav-kaz (31.01.2011)
Просмотров: 1712 | Теги: проза, Проза на чеченском языке | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar