Бинчу ницкъана дуьххьал.
Главная » Статьи » Творчество » Проза [ Добавить статью ]

Бинчу ницкъана дуьххьал.
Зеламха... Ма дукха ду цунах лаьцна халкъан бартан дийцаршкахь а, иза вевзинчара дуьйцучу хабаршкахь а. Дуккха а т1едеттарш а ду, цуьнан дахар туьйранашка дерзош т1ехдахарш а ду. Нохч - Г1алг1ачохь вийцина ца 1аш генна арахьа вуьйцуш хилла иза дийна волчу хенахь а. «Оьрсийн хьун» ц1е йoлчv шен романа т1ехь оьрсийн советски яздархочо. Ленински совг1ат шена делла волчу Социалистически Къинхьегаман Турпалхо волчу Леонид Максимович Леоновс дуьйцу Россин столицехь Петербургехь Зеламха вуьйцуш хилла хиларан хьокъехь. Дерриге а керла х1уманаш дуьйцуш хиллачу буьйсанна нах гуллуш хиллачу цхьана клубехь гулбеллачара. Абиссинан паччахь хилан негусан Менеликан йолчу таронех а, герцог Артур Коннаутский Россе хьошалг1а варах а лаьцна дийцарца цхьаьна дуьйцу «г1араваьлла обарг Зелимхан Нохчичоьнан имам хила лууш ву» бохуш a (741-rIa arlo).

    Оцу хабарел совнаха кхин х1ума дацара Зеламхин дахарх лаьцна хууш х1ирийн яздархочун Гатуев Константинан очеркаш 1926-чу шарахь зорба тоххалц. Оцу документальни очеркаша цхьана аг1орхьара а, т1ехулара а гойтура Зеламхин дахар. Оцу аьрхачу ламанхочун дахар буххара дуьйна гойту цуьнан къийсаман бахьанаш орамашкара дуьйна гучудоху 1968-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн книжни издательствос зорба тоьхначу Мамакаев Мохьмадан «Зеламха» ц1е йолчу романа т1ехь. XX б1е шо доллалучу юххьехь хилла ламанхойн дахар ду цунна т1ехь дуьйцург. Романан коьрта турпалхо Зеламха велахь а, цуьнан цхьа да-хар гайтина ца 1ийна яздархо. Цо гойту Веданарчу а, Харачарчу а, Махкат1ерчу а, кхийолу ярташкарчу а бахархойн дахар, церан  юкъаметтигаш.

    Мила ву Зеламха? Иза цхьалха къийсамхо ву, х1ирийн Заур а, украинцийн Крамелюк а, кхиберш а хилла ма - хиллара. Революционер вац иза я хила кхетам а бац цуьнан. XIapa ша санна паччахьан 1едалан хьадалчашна оьг1збаханчийн тоба  вовшахкхета цунна гонах цхьа х1ума дан ойла хилча. Иза а сихха юху, ахархой шайн ц1ийнан белхашка д1аса а боьлхий. Ч1ог1а чолхе йоцуш ю Зеламхин 1алашо, цуьнан программа: «Ницкъана дуьхьала ницкъ бичий, д1аяьккхинчунна дуьхьала юхаяьккхичий, вийначунна дуьхьала вичйй х1отталора Зеламхин 1илманца нахана юккъехь нийсо. Иштта яра харачойн обарган программа, я цунна юххе бевллачарех цхьа а дег1 и нийса дац олуш а ца долура» — боху романан автора   (200-гIa arlo).

    Нохчичохь хьовха ерриг паччахьан Россехь а ира хилла мур бу романо чулоцуш берг: 1905.— 1907-чуй шерашкахь дуьххьарлера оьрсийн революци хилла зама, цул т1аьхьа Столыпинан реакци хилла шераш. Революцис а, Столыпинан реакцис а дуьххьал д1а т1еаткъам ца бина ламанан яртийн дахарна, амма лач т1е1аткъар хилла Столыпинан реакци шех олуш болу паччахьан та1зарийн мур ерриге а пачхьалкхехь баржарца доьзна. Белхалойн класс онда йолчу яккхийчу промышленни г1аланашкахь дина ца 1аш, пачхьалкхан ахколониальни йистошка а кхаьчна и та1зарш. Революци ян 1алашо а, и 1алашо xIottoh социальни кхетам а боцуш болчу иттаннаш къийсамхойх цхьаъ ву романан коьрта турпалхо Зеламха. Хууш ма-хиллара, цхьаболчу ре-волюционерашна юккъехь а къобалъеш хилла  XIX  б1е шеран т1аьххьарчу муьрехь шех « индивидуальни террор» олуш долу хьаькамаш байъар (паччахьан биста кхаччалц). Це¬ран г1уллакхаш цкъачунна магош хиллехь а, В. И. Ленина къийсам латтийна царна дуьхьал, церан идеологи йоха а йина. Шеко йоццуш це¬ран т1аьхьенан мог1аре вилла мегар долуш Зеламха а ву.

    Муха кхоллавелла Зеламха? Стен елла цунна паччахьан  ц1ийне кхаччалц болу хьаькамаш 1ожаллин кхерамехь латтон таро? Оцу хеттаршна жоп ло романехъ гойтучу ламанхойн социальни дахаро. Паччахьан 1едалан хьадалчаша 1азапe доьллинчу халкъан юкъарчу цабезамо. хьаькамаша бехк боццушехь бечу ннцкъаша кхоьллииа Зе¬ламха. Лецна нах Веданара Соьлжа-г1ала бига новкъа бевллачу г1аролхонх цхьаммо боху: «...тешам бац. господин поручик, кхузарчу меттигех а, нахах а» 11-г1а arlo). Ца битина халкъана и тешам. 0ьг1аздахийтина иза. Амма и д1адаха деза некъ цун¬на гайта стаг вац. Цундела халкъ б1аьрзе ду. И вовшахтоха цунна некъ хьеха ницкъ бац Зеламхин. Ша цхьаъ г1отту. Цунна шена дика хаьа иза. «Х1окху дуьненахь адама-на массо а х1уманал дукха езачу серлонах а хаьдда, ша цхьа бух боц-чу бердах воьдуш санна хетаделира цунна. Шений, парг1атчу серлоний юккъехь к1орга 1ин гира Зеламхина. мел ч1ог1а г1оьртича х1инца цуьнга шега цунах дехьа вала т1ай а тил-лалур доцуш» (126—127-гIa arloнаш).

    И цхьаъ хнлар далхадо Зеламхе нанас Хьурмата а. Цо боху: «Хьо-х цхьаъ бен вац, ахь х1ун дийр ду дуьненна а дуьхьал г1иртина?» (165-аг1о).
Амма обаргана шена а хаьа ша «тоьлар воцийла а», шега «ирс кхо-чур доцийла а. Х1етте а кху хенахь обарг хилла вахар сийлахь хета» цунна (циггахь).
— «Х1унда?— цецъелира Хьур-мат. ...И хьоладай, т1ехула къегина хи-лахь а, чухула дог 1зьржа а, ц1ар-мата a хуьлy дела. — элира Зелам-хас. — Маьрша къахьега суо ца вуьту дела, ца ваьлла воьдий, ас шарахь цкъа - шозза даррехь до къола. Ткъа цара и дела денна до, х1инца сан вухаволийла яц, нани... Байъина вежарий. да, ден да, накъо-стий... Масане ду уьш...» (165 — 166-rIa аг1онаш).

Зеламхина днка хаьа юхавала мет тиг, некъ шена ца бисиний, маша¬рен дахар шен хир доций. Ша динчу къоланах байшна дакъа дан г1ерта иза, оцу г1уллакхо къечу доьзалийн дахар тодаре дог а дохуш. Шен ахархочуч дог ду цо гойтург, амма цуьнга толур долуш дан къечу не-хан дахар: уьш алсам бу бехаш болчел, аьлча а, берриге а бохург санна бахархой къен  xlapa ша а санна. Цхьана а тайпана 1алашо, хьесап х1оттийна обарг цa ваьлла Зеламха. Вовшашна юккъехь тасаделла даха-ран г1уллакх ду; 1едале даьлларг, ткъа 1едал Махкат1ерчу юьртан дегахьа долу. Зеламхин ваша Солтмурд веза а везаш. цуьнга ян кечъелла Зезаг оцу юьртан ден к1антана. Iycпина, юьгу, йо1ана иза ца веззашехь. Йо1ана гергахь юьхь1аьржчу х1оттарал совнах, нахана гергахь эхь т1едог1у Гушмазакъин доьзална. И эхь т1е ца латита г1ортар бахьа-на хилла д1ах1утту Зеламха а, цуь-нан да Гушмазукъа а, ден вешин бераш а лецарехь, ден да, гергарнаш, доттаг1ий байъина. Ткъа Зелам¬ха г1аьттина бекхам бан, бакъдерг лаха. Т г1уллакх кхочушдан лоьру цо шен шен масех накъостан ниц-къаца. И ницкъ к1езиг бу, и боккха бан таро а, кхетам а, я хьелаш а дац обарган.

    Шен таро хича ша юьхьара лаьцначу 1алашонах вухавала лаьа Зеламхина. Цунна моьтту меттигерчу 1едалша лело нийсаадацарш, цара бахархошна бен никъаш коьртерчу 1едална ца ХУУШ, шайгара беш бу. Цундела 1909-чу шарахь Пачхьал-кхан Думин председателе дахьийтинчу кехата т1ехь цо боху: «Суна дика хаъа, парг1атчу дахаре вухаверза а, и санна, сайх къинхетам байта а ай-са меттиг ца битийла. Амма сан дагна хьаам хир бара, шуна, хал къан векалшна - со а, со санна сан да а, вежариш а, кхиболу накъостий а наноша бешшехь обаргаш ца хиллийла хаахьар».И ннцкъаш бара халкъ 1азапехь далларна паччахьан 1едалан берриг юкъараллин - политически д1ах1от-там бехке буй цахаьа   Зеламхина. Цунах, иза хаъал кхеташ цахиларх, доллу цуьнан г1алат а, эшам а. Массо а аг1рхьара дуьззина гайтина романа т1ехь коьртачу турпал-хочун Зеламхин а, кхечеран а васташ. Кхузахь уггаре а коьрта ду уьш баьхначу заманца дог1уш, оцу заманна юккъехь и васташ гайтина хилар. Яздархочун таро хилла церан аматаш книгашъешархошна шера гайта а, заманан социально - поли¬тически латтам а, Зеламхин маь1на а ма-дарра довзийта а.

    Амма цхьацца долчу кхачамбацарех мукъа яц роман. Царех коьрта ду Зеламха обарг а валале, я вала цунна дагахь а доцуш, лаца а лаьцна, Соьлжа - г1аларчу набахте схьа ма кхеччи обарг хуьлу цунах. «Х1ара хьол а воккха обарг ву» (118-rIa arlo) боху Зеламхига лаьцна набахтехь воллучу Бобров Нико-лайс шен накъост Костя мила ву аьлла Зеламхас хаьттича.. Цкъа-делахь Зеламха х1инцале обарг хилар романехь гойтуш дац, шолг1а - делахь оцу набахтера вед-дачул т1аьхьий бен Зеламха  обарг ца ваьлла. Веданара оцу набахте валочу хенахь къаьсттина Зеламхин тидам беш хилар а хьалха схьагайтина бух боцуш а, бахьана ца гайтина а ду. Кхин цхьацца кегийра кхачамбацарш а ду романа т1ехь, редактора тидам бинехь ца хила тарлуш долу. Царех ду, масала, мажделла г1аш а, шийла малх а болуш 1уьйре йолчу гуьйренан дийнахь сарале стела-хаьштиг а детташ дог1а дар (13-гla arlo). Гурахь,  г1аш  мажделлачул т1аьхьа ца дог1у стелахаьштиг дет¬таш дог1а. Майрачуьнца дов даьлла Зезаг «шен несарий болчу чуэккха» (28-rla arlo). Маре яхана а ялале Зезаган несарий хила тарлуш дац майрачун ц1ахь. Майрачун гергарчу нехан (вежарийн, шичойн) зударий уьш белахь кхиной (кхинаш) ала дезара дарах. «Халоно чахчош...» халоно вахчош нийса хир дара, и. д1. кх. Исбаьхьаллин романа т1ехь балочу турпалхошна, персонажашна шена луъу ц1ераш тахка бакъо ю авторан. Х1окху вай юьйцучу романа т1ера Зеламхин а, цуьнан доьзалан a ц1ераш ма-ярра ялийна.
 
Ткъа оьшурий техьа Добровольскийн (Дубов) а, Галаевн (Гулаев) а, кхиболчу хилла болчу. нехан a ц1ераш хийцан? Уьш хийцаро романан чулацам а, сюжет а, композици а, ис-баьхьалла а хийцина я талхийна бохург дац иза. Х1умма а новкъарло ца йина уьш хийцаро. Амма ца хийцинехь а йийр яцара. Уьш суна хетарш ду. Амма суна хууш дерг кхин ду: Зеламхин дахар, и ваьхна зама, цо лелийна цхьана стеган къийсам ма-барра гойтуш йолу, книгашъешархоша езатп т1еэц-на йолу роман язйина Мамакаев Мохьмада. Оцу лакхахь дийцинчу к1еззигчу кхачамбацарша лах ца до цуьнан маь1на. Романе хадам боллуш дохийна д1адаьхна харачойн обаргах лаьцна дукха хьолахь хеца-еллачу ойланаша кхоьллина долу т1едеттарш. Зеламхин васт гайтина цунна богг1у мах а хадош.

X. ЭДИЛОВ. Ленин некъ  3.06. 70 г.№65
Категория: Проза | Добавил: kav-kaz (31.01.2011)
Просмотров: 5032 | Теги: проза, Проза на чеченском языке | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar