1аьржа верта.
Главная » Статьи » Творчество » Проза [ Добавить статью ]

1аьржа верта.
Зеламха — адам-легенда. ЦуЬнгахь дара вайн къоман уггар дика г1иллакхаш, амалш: майралла, доьналла, лаьмнашка а, шен халкъе а ондда безам, тешам, лаккхара патриотизм, интернационализм. Оцу майрачу нохчочун г1уллакхех хаьара генна Россел арахьа, Цунах дохура иллеш, тайп-тайпа-на легендаш. Вайн дегнашна хьоме йолу и ц1е даима а ехар ю. Тахана д1адоьдуш ду оцу къонахчун турпаллин дахарх лаьцна кино яккхарна ахча гулдар. Бакъду, Эрмалойчохь республикех цхьацца бохамаш хилла хиларна, ма-хетта дика д1а ца доьду и г1уллакх. Амма шен къоман культурах боккъалаа а дозалла дечо кисана диллина ахча даларан хьокъехь квитанци. Со теша, таро йоцуш висинчо а и дийриг хиларх. Диц ма делаш: счетан номер 700498 ю.
 
    Зеламхин дахарера масех эпизод йийца лаьа суна. Там бу уьш кино юкъа яха а. Х1унда аьлча, цу хьокъехь ас дийцина цхьана зорбанан изданехь. Цул сов, дукха хан йоццущ со шеца цхьаьнакхетча, фильман режиссера Татаев  Ильяса а дош делл а Зеламхин угтар тоьлла амалш экранехь  гайта.
 
    Цкъа обарган доттаг1а а, йозанча а волчу Атаг1арчу Тамаев Аюба хаьттинера  Зеламхига:— Хьуна муха хиира хьуо дог-майра, кхерам х1ун ю ца хууш хилар?
 
    Обаргийн баьчча ойлане ваьлла. Цкъа ца дийца дог хилла. Юха а, Аюб шех нийса кхетар вуйла а хиъна, дийцина:— Хьуна ма хаьийца сан ден да Бахо Шеми-лан, наиб хиллий. Ткъа сан дас Гушмазукъос 1871-чу шарахь Къоьзан-1ома т1е веанчу паччахьан Александр-II чун г1арола 7 вийна хилла. Иза 1едалца йолу тхан юкъаметтиг вуно хьалха телхина хилар ду. Цун-дела и шиъ а обарг вара. Юьртахь 1ара, 1едал дог1у аьлча — юьртах волура. Цул сов, царна т1ехь нехан ц1ий а дара. Цундела ч1ирхошца йолу юкъаметтиг а ларъ ян езаш хуьлура. Ткъа сан сайн 14 що долуш дуьйна  1едалх  а, ч1ир ьхьойх а ларвала  дезна.
 
    Цкъа цхьана гуьйр-нан 1аьржачу буса Веданара Хорача вог1ура со. Суна хаьара сайна т1аьхьабевлла ч1ирхой буйла а. Б1аьрга 1оьттина п1елг гур боцчу бодашкахь ц1еххьана цхьа к1еда х1ума нисъелира сан кога к1ел. Хьун 1адош ирча мохь белир а буьйсанан тийналлехь. Сан ког буха ца    болуш, т1етаь1ира. Иза йижина 1уьллуш йолу пхьагал хиллера, со дукха тата доцуш варна сама ца яьллера иза. Эццахь хиира суна сайн дог кхе-ралущ додийла. И саннарг кхин д1а а дуьйцур ду ас шуна. 1901-чу шарахь набахтера ведда Зеламха Хорачахь ларвеш вара. Кхолха го лаьцнера юьртана. Юьртарчу старшинас синкъерам бинера паччахьан  эпсаршна. Дууш, молуш буьйса юкъал т1ехъелира.
 
    Зудабераша дийхира, шаьш  д1адахийтахьа, х1инца хан а яьллера, аьлла. Амма бехначу эпсаршна нохчех хелхабовла лаьара. Эвхьаза забарш йийраш а бара. Боьхна хьийзара мехкарий. Царна кхача орца дацара,  Зеламханна  гур лаьцна бара. Оццу хенахь, 1аьндийн ломар а охьа бог1учу новкъа Хорача вог1ура цхьа къонаха. Г1аролехь лаьт та салтий цецбевлла хьуьйсура цуьнга: когаш1уьйра, юькъа яьлла маж, т1ехь тиша бедарш. — Мила ву хьо? Х1ун г1уллакх ду хьан Хора-чахь? — хаьттира эпсаро. — Со юьртара беж1у ву, сатоссуш бажа д1алоллур, аьлла, вог1ура со-м, — жоп делира} оьр сийн мотт кег а   беш.
 
    Изза  элира цо кхин   а шина гонах волуш а. Эхххар старшинанан хьеший оьцучу ц1а чу кхечира иза. — Ассалам 1алайкум! XIай кура к1ентий! Пондар-вотано наб ян а ца витина, бажа д1алоллу хан кхаччалц сайн хелхарца шун самукъадаккха ас, аьлла, чу ма веа со-м, — элира  цо. Беж1уьнера  салам цхьаммо  схьа ца   ийцира. Дууш, молуш, еха лоха стол хьалха а ййллина 1аш болу эпсарш бийлабелира цуьна дешнаш шайна гоч дича. Дукха хан ялале хелха-ваьккхира хьаша. Даьндарг санна, хьаьвзира иза кога буьхьар х1оьттина. Шекбевлира чохь берш, иштта т1ахаьлла беж1у хуьлийла а дацара. Оццу хенахь четара тапча схьа а яьккхина, « б1ов », «б1ов » аьлла шозза йожа а еш, хелхар   чекхдаьккхира. — Господин беж1у! Оцу тапчин кехаташ дуй хьан?-—хаьттира хьешех цхьамма. —Ду дера, кехаташ доцу тапча а эцна, кхолха гуо лаьцначу юьрта ван мила ваьхьа? — жоп делира  цо. — Схьагайта-л и хьайн кехаташ! — Кху делан минотехь-м гойтур дара, — аьлла, карара тапч аьрру куьйга а лаьцна, чета кхевдина  «Браунинг» схьа а яьккхина. — Оцу тапчин кехат — х1ара тапча ду. Шуна мА гарра, со Зеламха ву. Х1окху чохь меттахваьллачух ас и алкханча чекхъ яллал  1уьрг   оьккхуьйтур дуйла хаалаш. XIара ц1а обаргаша гуо лаьцна ду. Арабовлийтал кху чуьра мехкарий! Зударий, мехкарий ара бевлча: — Нийсса эха сохьтехь кху чуьра шух араваьлларг Далла дуьхьал г1ур вуйла хаалаш, ж1аьлеш,—аьлла, ара а ваьлла, д1авахара Зеламха. Иза иштта вара. Цундела аьлла илланчас а: «1аьржа верта, 1аьржа буьйса—Зеламха».
 
    Кхин цхьаъ а дуьйцур ду ас. Илецки каторге д1абигна шен гергарнаш мичахь бу ца хуучу Зеламхас лоьхура Грознерчу набахтин начальникца цхьаьнакхетар. Эххар а цунна хиира Грозный   г1опан комендант а, набахтин хьаькам а ресторанехь сарахь сакъера вовшахкхеташ хилар. Ас дечу хьесапашца, и ресторан х1инца «Детский мир» туька йолчу ширачу ц1а чохь хилла.Комендант а, набахтин хьаькам а чучча вахана, дагара  дуьйцуш 1аш, дуьхьал   оьзна пан - бархат д1аса  а  тоттуш, - чоьхьавелира т1ехь верта долу ламаро. Иза   шинна  а вевзира. — Шу дохий  ма хьовза, дукха дакъаза а  ма  довла. Со сайн са дадийна    лелаш     вац,—олуш,  вертанан ши т1ам схьа а биллина, ши тапчий, жима  бомбий  гайтира   цо. Таккха т1етуьйхира: —Со къамел  дан веана , ву,  шуьшиъ  вен  веана вац.
 
    Г1опан хьаькамаш  боьхнера. Даа а, мала а хьалха теттира цара хьешана. Амма кхо уьш д1а1атеттина, т1е к1ац х1оьттина йолчу фужера чуьра морса а мелла, ша деанарг охьадиллира. Шена оьшург хиъначул т1аьхьа, жимма хьиэвелира, дика ц1ий а еш еттина москал яа дагадеана. Эццахь гал а велира. Ларамаза чухьажавеллачу    жандармерин хьаькамна гира шек д1а а воцуш, москалан, г1ог1 а дууш, вела къежаш 1аш волу Зеламха. — Бехк ма  биллалаш, — аьлла, вуха а ваьлла, зала чохь вайра жандарм. Зеламхин, шеца волу шиъ кхера а вина, ара вала дийзира. Сихха говра а кхоссавелла, Соьлжан т1айх вала дагахь д1ахахкавелира. Амма т1айн дехьа юьххьехь латийнчу фонарашна уллохь пулемет схьаерзош бохку салтий а гина, шен дин ма-богг1ур а Соьлжи чу тесира до. Маьхьарий  девлира:— Т1етоха, ма валийта,   Зеламха!
 
    Шолг1ачу дийнахь делккъалц теллира Соьлжан г1ад - бердаш. Амма  обарг ца  карийра.
 
    Иштта вара Зеламха. Дукха ду цо ша обарг леллачу 25 шарахь лелийнарш. XIаъ, 25 шарахь. Автор гал ца ваьлла, галваьлларг вайн истории майраллин аг1онаш нийсса ах яцйинарг ву. Цхьана статья т1ехь таро яц дерриге а дийца. Кхин а дика хир ду вай, хаза, цхьабарт болуш ахча вовшах а тоьхна кино яккхийтича. Т1аккха вайна юха а гур в у догмайра нохчо, юха а дехар ду вешан дайн дахарца — майраллех, доьналллех, дозаллех дуьзна дол чу. Ма-дарра аьлча, вай на хааза дисина х1инда а дукха  х1уманаш ду.
 
Хь.  ГАПУРАЕВ. журналист. («Ленинан  некъ»   газета т1ера). Колхозан дахар. 10.10.89 шо
Категория: Проза | Добавил: kav-kaz (31.01.2011)
Просмотров: 1818 | Теги: проза, Проза на чеченском языке | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar