1аьржа истанг. (Хилларг)
Главная » Статьи » Творчество » Проза [ Добавить статью ]

1аьржа истанг. (Хилларг)
Вайн Нохч-Палг1айчохь пачхьалкхан 1едало мискачу нахана т1ехь шен харцонан толам баьккхина, и миска нах бохийна 1аьрбин махка д1абахана. Кху махкахь биссинарш шен кога к1ел балийна аьлла Николай паччахьна хеттачу хенахь, из а оцу ойланца парг1ат ваьллачу хенахь, хенак1уьро попа т1е етта з1ок санна, Николай паччахьан эпсарш бойуш, совдегаршна т1ехь та1зарш латтош волу  цхьа Хорачойн к1ант — Зеламха кхиира. Шен болуш болчу. ницкъана, шена карадир зинчу х1илланца Ведана эскар даийтира паччахьо Зеламха лаца, аьлла. Цунах г1уллакх ца хилира. Цул т1аьхьа шен сардале хаам бира цо, Зеламха вехаш-лечкъаш лела меттиг йийцинчунна 13 б1е туьма ло ша аьлла, цул сов цу хаамна т1ехь аьлла дара ялхозза юьртада а х1оттаво ша иза. Паччахьан и омра шена хезча Зеламханна ч1ог1а там хилира цунах: сайн тешаме доттаг1а Махьматха юьртда а х1оттавойтур ву ас, цунна и лакхахь билгалдина ахча а хуьлуьйтур ду ас, аьлла, йолу ойла хиллера цуьнан.

    Зеламхас Махьматхане хаам бира «со вайи Лечийн бердах йолчу хьоьха чу г1ур ву, ахь хаам бе цуьнах Веданан округехь волчу полковнике, со цу хьеха чохь ву, алий. Со оцу хьеха чохь ву аьлла ахь нийса хаам -барна, цо хьоьх юьртда вийр ву, цул сов, хьуна 13 61е туьма ахча а  лур-ду совг!атана». Махьматхана цунна дуь-хьало йира, «со хьуна мотт тоьхнарг ма хуьлу», аьлла, Амма вукхо ца вуьтура: «Ахь иза ца дича ца долу. Ахь цу хьеха чохь хир ву тховса Зеламха ала деза». Ткъа Махьматхас полковнике шега Зеламхас аьлларг д1аэлира, полковник вол чу а вахана. Полковника шел лакхарчу хьаькамашка хаам бира иштта тховсалерчу буьйсанна - Зеламха Лечийн хьехачохь буьйса йоккхуш хир ву, аьлла. Ткъа Махьматха лаьцна сацийра. Оцу  г1уллакхана цолковникана г1оьнна тоъал эскар даийтира.    Махьматха    шайна хьалха а ваьккхина, Лечийн бердахь долчу хьехана т1ебаьхкира х1орш. Махьматхана дуьхалло йира кхин д1аван.Цо элира,нагахь сана шуна хьалха ваьлла вог1уш со гахь, Зеламхана сунна топ тухур , вуьйр ву.Салташна хьалха ваьлла волчу эпсаро Махьматхане омра дира, «хьалха вала шайна,— аьлла. — Нагахь санна хьо тхуна хьалха ца валахь, вуьйр ву хьо оха!» Лечийн бердана, эпсаро омра а дина, кхаалха го лецира.
 
    Полковника 8еламханна т1е нах бахийтира, каравола, аьлла,, Вукхо ша шуна караво-г!ур вац, аьлла, хаам бира. Т1аккха полковника Зеламхане элира: «Стигал вала т1емаш дац хьан, лаьттах ,вола м1араш яц хьан. Ша оцу хьеха чохь вуьйр ву хьо», — аьлла. Зеламхана полковнике иштта элира: «Иза нийса боху ахь. Со тховса кху хьехачуьра д1аг1ур ву. Хьайн болу а, боцу а ницкъ т1еоза, тховса кху чуьра ахь дийна со д1а-вахийтахь, паччахьо хьо вохор ву я хьайн долчул лахарчу чине вок-кхур ву. Со кхоьллинчу; делор гина суна сийсара г1енах — со кху хьехачуьра шун карара ваьлла д1авоьдуш. Со делах тешаш стаг ву. Дала сайна хьалха х1оттийначу новкъа лелаш ву со. Ахь суна бехк ма билла. Пач чахьан некъ бакъ некъ ма бац, цуьнниг харц некъ бу. Х1ун де боху цо? Х1окху шелонехь, ломахь т1ехь, т1улгаш  юккъехь даа-духа доцуш бехаш болчу нахе х1ун де боху паччахьо? Хьайн куьйгалли к!ел долчу халкъашна т1ехь нийсо х1унда ца латтайо ахь? хаттахьа цу паччахье».

    Оцу дешнаша карзахваьккхира полковник.Цо бохура; «Вала меттиг бац хьан, сан карахь ву хьо. Хьуна моьттург бакъдац». «Со Делан пурбанца лелаш ву!» — элира Зеламхас. Иштта и къамел хилира полковникана а, Зеламхина а юкъахь. И къамел д1асадехьира Хорачарчу Туммахьаьжин к1анта Сайдуллас. Шен къамел д1асахьочу хенахь Зеламхас и стаг бен шена гергахьа, дош хезехьа вуьтуш ца хилла: топ тухий вожош хилла. Цу   шиннан — полковникан а, Зеламхйн а къамел чекхдаьлча, Зеламхана Сайдулле хаьттира: «Хьаьжиг1ар  буй    кхузахь?»    —    аьлла.  Сан дуллас элира: «Хьуна нийсса т1оьхула бу уьш, Зеламха, — аьлла. — Тховса хиндерг шайна а хуур хир ду-кха царна».
Буьйсанна ши дакъа хиллачул  хенахь, Зеламхас дечган гоьрга т1е истанган б1ег1иг а хьарчийна, массийтаза топ а кхоьссина Лечийн бердах чуяхийтира. Салташа цунна т1е том болийра. Зеламха хьехачуьра араваьлла шена к1ело йинчу нахана юккъехула ваьлла, ламт1е хьалавахара. Ша гена ваьлча юха а кхузза топ кхоьссира цо полковнике ша аьлларг цуьнца т1еч1аг1 деш. Кхузахь бакъдерг ала деза. И нах Зеламха вен ца луш ца Iнйна: цунна топ ца тухуш 1ийна. Х1етахь нах къонахалла йолуш а, майра а хилла. Мостаг1чун луур ца даккха цатоьхна цара  Зеламхина топ. Вен ца вуьйш вахййтина цара иза. Цул т1аьхьа—дуьйцура Хушалаева Зезага — Махьматха юьртда вахийтира. Цунна 13 б1е туьма ахча а делира, бохуш.

    ...Зеламха Г1алг1айчу вахана хилла, шена тешаме накъост лаха. Цигахь иза кара а вина, вуха ц1а а веана, шеца доьзал а болуш цига вахара Зеламха. Цигарчу хьешо Башломана гена йоцуш йолчу хьуьнах тоьла яьккхина хиллера. Цуьнан тхевна т1е биллина хиллера корсум. Берашна шура яккха яй а эцна, цу тоьли чохь баха ховшийра Зе-ламхан   доьзал.   Иштта цигахь тхо дехаш-1аш цхьа зама яьллачу хенахь — мархин баттахь дара иза — и тхан тешаме г1алг1ай юьртан базара вахийтира, цигара эций кхоьаш йохьуш ваг1ахьара хьо аьлла, дехар дина. Массо а маьрк1ажан ламазна тхо х1иттинчу хенахь ворх1 шо кхаьчна волу к1ант шеца етт боцуш ведда ц1а веара. Цо элира:— Вайна го тесна т1едог1уш эскар ду! Зеламхана: — Чохь йолуш йолу юург схьаэна. T1e хи гохий ц1е д1аяйа! Чехкка кхузара д1адовла де¬за вайн.

    Зеламханан берриге а, доьзал цхьаьний Башломехьа бахара. Зеламхана яах1ума эцахьара ахь аьлла базара вахийтина хилла г1алг1ай тхо чуьра арадовлучу хенахь, шуна го лоцуш бу, аьлла, кхечира. Тхо дерриге а Башломана юххе кхечира доьлхууш. Бераш а, зударйй а царна кхерам цигахь хир бац аьлла шена хетачу чхарашна юккъе д1анисдира Зеламхана. Зеламха а, Солтамурд а и г1алг1ай а, г1аьпнаш чуьра патарманаш схьа а даьхна, уьш вертанаш т1едехкина, х1ораммо а шена хьалха ч1аг1онаш йина, т1амна кечбелира. Зеламханан ц1инанана Бици царна т1е  яхара, Коьртара даьккхина цу кхаанна хьалха кортали туьйхира:    Д1адолхахьара  шу кхузара! — аьлла. Зударшна а, бе¬рашна а паччахьан эскаро х1умма а дийр дацара, — элира цо. Зеламхана цунна оьг1азло йина тоьпан бух туьйхира: — Зударий а, бераш а дитий, д1аг1о бохург х1ун кьамел ду хьан?— аьлла. Зеламхана Зезаге элира. — Хьо ма йоьллахьна кхуза изза дехар дан!

    Баштарнехан стаг х1аллак ма хуьлу вай бахьанехь. Цунна х1ун-до ахь?. — хаьттира Зезага Зеламхане. Нагахь царна и вайца каравахь иза ша х1аллакьхилла ца 1аш, паччахьо цуьнан беррнге а доьзал х1аллакбийр ма бу! Зелам¬хана Зезаге элира:—Доха ма доха, оха к1ело йийр ю хина т1ех шу дохуш. Шуна т1е уьш кхочуьйтур бац оха. Цул т1аьхьа цу кхааммо а шайн мачашна к1ел ма1арш йолу ленаш дихкира. И кхоъ Башломана т1е нисса ирх хьалавелира. 1уьйранна хиира голаьцначарна уьш д1абаханий. И шайна хиъча тхуна т1евеара цхьа эпсар: — Шу лецна ду! — элира цо. Тхоьца юьрта охьадахка дезар ду шун х1инца. Цу эпсаро — дуьйцура     Зезага    шен хенахь—тхо юьрта охьадалийра. Тхуна чохь 1ен ц1а делира. Цу юьртда хиллера шен ц1а тхуна чохь 1ен делларг. Тхан хьашташка хьожуш яра цу юьртден йо1. Иза ша жеро яра. Гуьржин хьаькамо тхойший а шена т1екхайкхийтира. Барт хоьтуш, 1иттарш йора цо  тхойшинна:
—К1езий д1а а тийсина, стенга вахана иза? Цунна дуьхьал йист ца хилча, д1аг1о, аьлла, х1усамден ц1ачу яхийтира. Доьзалш болчу. Тхойша ехаш йолчу ц1енош чу кхаьчча, вовшех дагаяьлла, охашима жеро кхайкхина, цуьнга цхьацца хеттарш дира: Маса полк ю кхузахь? Бусулба нах буй цу полкех цхьанна  а  юкъахь?
—Гуьржийн цхьа полк, оьрсийн цхьа полк, суьлийн цхьа полк ю кхузахь, — аьлла, жоп делира тхойшиннан хеттаршна жерочо, xlycaмден йо1а.
—Нохчийн мотт хууш цхьа а салтий вуй цу суьлийн полкехь? — аьлла,  хаьттира  охашимма.
—Суьлийн полкехь волу эпсар 1алашвеш волчу салтичунна нохчийн мотт хаьа, — аьл¬ла, жоп делира йо1а.
—И салтий вовзийтахьа тхойшинна, — элира цуьнга Бицис. Цо и суьлии тхойша йолчу валийра.
—Оцу хьайн суьлийн хьаькамана тхойшиъ т1е йигахьара ахь, аьлла, дехар дира охашимма. Цо кхочушдира   тхойшиннан дехар. Цу эпсарна      хьалха    корталеш туьйхиpa  охашимма.
—Х1ун дехар ду шуьшиннан шега? — хаьттира эпсаро тхойшинга.Тхойшиннан  дехарх кхетча, цо элира:—Соьлжа — Г1аларчу хьаькамна т1екхачор ю шуьшиъ а, шун доьзал а.
    Шолг1ачу дийнахь цо новкъадахийтира тхо гуьржийн полке. Цунна хьалха ваьлла вара гуьржийн эпсар. Иза хьалха а волуш, тхо ахкал дехьа долучу т1ай т1е кхечира. Тхо цига ма-кхаьччинехь, тоьпаш евлира. Салтий боьхна д1асабевдира. Юха меттабаьхкинчу цара тхойша а, бераш а т1ай т1е дигира. Цу т1ай т1ехь, ах дег1 чу олладелла а волуш, кхозавелла 1ара велла волу, тхойшинга барт хиттина эпсар.—Х1ара-м шен метта д1акхаьчна, — аьлла элира и гуьр¬жийн эпсар гинчу Бицис. Юханехьа д1ахьаьжначу тхойшинна гира, вертанаш т1е виллина вохьуш волу, велла стаг—суьлийн эпсар. И эпсар чов хилла  вара...

    Зеламхана и сурт ше на ма-гиннехь мохь туьйхира:- Воо, Лом-1ела, воха ма вохалахь. Саца ца юьтуш мажар йийла йолало хьуна!.. Болабелира т1ом. Цхьа дела воцчунна хилларг х1уи ду хуур доцуш къемата де х1оьттира...
Соьлжа-г1ала охьадалийна, цигарчу хьаькаме д1аделира тхо, Биций, цуьнан доьзал а г1алахь совцийра, со ц1а яийтира. Ведана ц1акхаьчначул т1аьхьа кхузарчу хьаькамо т1екхайкхира со.— Хьо лаьцна яц—naprlaт ю хьо! — элира соьга цу хьаькамо. Амма ахь тхуна цхьа г1одан деза. Шаьш долчу Зеламха веачи цуьнан хьокъехь тхоьга хаам барца. Иза соьга далур дац, — элира ас цуьнга: тхаьш дехачу меттигера Ведана а еана муха бира бу ас шуна цуьнах хаам? Шаьш дехаш долчу ц1енойн цхьана коре — къилбаседехьа долчу коре 1аьржа истанг тоха, — хьехар дира цо. Шу дехачу меттигехь вехаш тхан стаг ву.
Ас коре и истанг ма туьххи цо сун топ тухур ю, — элира ас. Делахь-х1ета, хьо лаьцна ю, — аьлла, цо со юха Соьлжа-г1ала охьаяла яйтира. 
 
Зайнди Зухайраев.   Колхозан дахар 5.04.90  
Категория: Проза | Добавил: kav-kaz (31.01.2011)
Просмотров: 1811 | Теги: проза, Проза на чеченском языке | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
avatar