Даймехкан стигланийн босс
Главная » Статьи » Творчество » Ингушские и чеченские стихи [ Добавить статью ]

Даймехкан стигланийн босс
Стихи опубликованы: в журнале «Нана» за 04.2010г.
 
***
Дош меттахь доцучу нахаца
Со х1унда воьтту ахь, кхоллам,
Ойла даггара йоцучу адмашца
Аса х1ун доькъур ду, сан Дела?
 
Даймехкан стигланийн бос къасто
Б1аьрг боцчу заь1апчу хьан к1енташна
Аса муха бийца, сан Даймохк,
Хьоьга сайн г1ад доцу безам?
 
***
Седарчех юьззина стигла а д1аяй,
Сатийсамех дуьззина дахар а кхоьли.
Ялсаманехь а хьашт долу дезар
Дуьненахь дуьтуш дац даха,
Жоьжахатехь а там боцург
Дуьненна, магийна, даьккхина баьрче.
Эхь долчу б1аьргашна оьхьуш,
Лач1къо мел дезарг а эхь доцчу б1аьргех.
 
***
Воьлуш къийла
Сайн веларца
Хьан тезетан зикар
К1айчу дийнахь
Сайн буьйсанахь
Топ а йоцуш,
Хьан хьаннашка талла,
Г1ур ву со хьо лаха,
К1айчу дийнахь
Буьйсанан хьан б1аьргаш лаха,
Шелъелла хьан лараш йохъян.
1аржъелла буьйса а
Г1ертар ю к1ажашна к1ела –
Хьулдан шен жоьралла,
Лазамо дайдина таьллаш а
Г1уртур ду ца гойта
Мох боцуш шайн техкар.
 
***
Д1абай цу буьйсанийн бода,
Тазбели хьан балдийн чам,
Дахар а ша ма дара шога,
Т1едуьйжи ца лаарх а лан.
 
Тхи доцуш 1уьйре а цхьа мела
Йоцачу з1аьнаршца яьржи,
Доттаг1а, мостаг1а хенан
Бендоцчу стиглано хьаьши.
 
Дог ма-дду сан дера оза –
Орцанна кховдийна га,
Цхьа къорза сан деган йоза –
Шех юьзна сан еса хан.
 
Ахьа, Дела, т1ам боцуш елла,
Сан 1уьйре айяла хьаьгна,
Маьрк1ажан бодашла керчи,
Ден-ненан б1аьргеха хьаьъна.
 
***
Хьан юьхьах хьаьгна,
Хьан ц1арах даьгна,
Дог г1ерта сан т1ома дала,
готтачу сан кийрахь х1оттинарг
Хьан нуьре г1ала.
 
***
1индаг1ийн аг1онаш дешнийн,
Керчинчу б1аьргийн хьажар,
Тешамал тешаме шеко,
Декъалвеш – дог к1еда хиларна –
Кхийдайо замано соьга.
Шен тийна довхачу куьйгашца,
Шен сийна 1аьржачу б1аьргашца,
Доккхуш дог дерзина,
Кху дорцийн мехаша ц1овзинчу арахь.
 
***
Дуьненан уьйрех со хервеш,
Т1еъча шовкъ яйна буьйса,
Ахьа динчу къамелан – аьзнийн лар ца лоьху аса.
Уьш дайна сан дагчохь мо бита ницкъ а ца кхаьчна-
Аса дагалоьцу хьан хьажарехь б1аьргийн
деларан делхаран терза.
 
***
Аса даима дуьйцур ду
Хьан дег1ан аматех, Даймохк,
Хьан когийн лар а ца къаьстачу буьйсанна,
Хьан чолакха меженаш ца гучу буьйсанна,
Хьан боберийн къажаро сайн дог ца дохочу буьйсанна.
 
Буьйсанна дуьллур ду чарх йоцчу
хьан озан дег1ан сурт, Даймохк, ас,
Буьйсанна буьйсанан басаршца
Екар ю со хьагвеш хьан Органан муттане тулг1енаш, Даймохк…
 
***
Хорам хилла дагна дуьсург
Шен ца лазар ду,
Уггар сийна, сийна стигла,
Сийна йоцург ю.
Дагах доггуха лазош кхеттарг,
Шех ца кхеттарг ду.
 
Лийчарх вавшийн б1аьрхишца вайша,
Со шелвийриг, хьо шекйохург,
Хьо цхьа юьтуш,
Со сайх къехкош,
Шелчу хьацарх доттаделла,
Б1аьргийн доза ду.
Со сайхь вуьтург,
Хьо хьайх къехкорг,
Хьо д1аяьлла т1аьхьа юьсу,
Со д1аваьлла т1аьхьа юьсу,
Ах са даккхал бен хир йоцу
Цхьа маь11арго ю.
Б1ешерел а еха яхлуш,
Хьо хьайх къастош,
Со сайх хервеш,
Уьрдел боккха шу беш юккъехь,
Цо вай къестор ду.
 
***
Стаг леш даима диллина
дуьсу цуьнан б1аьргаш
Уьш ду-кх цунах дуьненахь
Далаза диснарг – дахарний 1ожалний юккъера доза.
 
Уьш ду-кх cуна малх кхетта екхначу стиглахь
Дог1анан марх хилла доьлхурш,
Буьйсанан йистйоцу г1айг1а
Сан дагчохь къуьйлурш.
Йолучу 1уьйренан лазамза
дог ирсаха тешорш,
Суьйренан орцане весетах ц1ийлурш,
1ожална яхъелла 1уьйре,
Дахарна яцъелла суьйре
Б1аьргашна хьалха сан кхоьхьурш.
 
***
Мы много думали
И до многого додумались,
Но ни на один трагический вопрос
Не додумали ответа.
Мы много любили,
Но никто из нас не насытился даже на миг.
Мы много встречали
Друзей, родных и возлюбленных,
Но последними были разлуки.
Мы много безоблачно смеялись,
Но все неизбежно кончалось плачем.
 
***
Аса даима дуьйцур ду
Хьан дег1ан аматех, Даймохк,
Хьан когийн лар а ца къаьстачу буьйсанна,
Хьан чолакха меженаш ца гучу буьйсанна,
Хьан боберийн къажаро сайн дог ца дохочу буьйсанна.
 
Буьйсанна дуьллур ду чарх йоцчу
хьан озан дег1ан сурт, Даймохк, ас,
Буьйсанна буьйсанан басаршца
Екар ю со хьагвеш хьан Органан муттане тулг1енаш, Даймохк…


Источник: http://zevri.org
Категория: Ингушские и чеченские стихи | Добавил: kav-kaz (28.10.2010)
Просмотров: 1514 | Комментарии: 2 | Рейтинг: 5.0/1
Всего комментариев: 2
avatar
1
Ваалейкум салам.
Исправили всё wink
бехк ма бахкла
Хотя именно тут указан источник,а это журнал Нана)))
avatar
2
самое главное друг друга поняли! smile
avatar